Этнографический диктант.
09.04.2019Мотт ца хилча къам ца хуьлий а, къоман йоза ца хилча цу къоман меттан орам ца хуьлий а хууш Нохчийн Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн дерриг а нохчий къоманна дина деза совг1ат ду «Нохчийн меттан де».9-чу апрелехь Исаев Х.А. ц1арахчу №36 йолчу школехь яздира «Этнографически диктант – 2019».«Ненан мотт – иза халкъан юьхь ю, халкъан орам бу»Яздинарш лакхарчу классашкара дешархой бу. Уьш ларийна шайна т1едиллинчу декхарца. Тхо теша школера дешархой нохчийн мотт хууш, цуьнца доьзна долу нохчийн г1иллакх хууш, яхь йолу к1ентий а, эхь долу йо1арий хилла, вайн къоман сий деш хирг хиларх. Дала и нохчийн мотт бийца а, цуьнан сий дан а кхетам лойла вайна массарна а.